Дешин буьрка (France Football)

ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Дешин буьрка.
Дешин буьрка
Мохк
Тайпа спортан совгӀат[d]
Хьан ло France Football[d]
Статистика
Кхолларан терахь 1956
Сайт francefootball.fr/…​(Франц.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

«Дешин буьрка» (фр. Ballon d'Or) — хӀора шеран футболан совгӀат, кхин а девза Европера шеран уггаре дика футболистан (инг. European Footballer of the Year) цӀарца. Ло хӀора шарахь дика лаьррачу футболистан. СовгӀат кхоьллина France Football журналан коьртачу редакторо Ано Габриэла, цуо дийхира шен белхан накъосташка Европера шеран уггаре дикачу ловзархочун кхаж тасар 1956 шарахь. Дуьххьара совгӀат даьккхинарг хилира «Блэкпул» йукъара Стэнли Мэтьюз[1]. [2][3]

Йуьхьанца журналистийн Европехь клубашкахь ловзу европин ловзархошна бен кхаж таса йиш йацара, цундела Марадона Диего а, Пеле а санна футболисташна и совгӀат ца далалора[4]. 1995 шарахь бакъонаш хийцаелира: хӀинца совгӀат даккха таро йара муьлххачу къоман футболистан, нагахь иза европин клубехь ловзуш велахь. Европера воцу дуьххьарлера совгӀат даьккхина футболист оццу шарахь хилира «Миланан» ловзархо Веа Джордж[5]. 2007 шарахь бакъонаш йуха а хийцаелира: хӀинца «Дешин буьрка» яккха таро йара муьлххачу къоман, дуьненан муьлххачу клубан ловзархочун. Иза бахьнехь толамхо билгалвоккху журналистийн барам а тӀетуьйхира: Европин 52 журналистех, дерриг дуьненан 96 журналист хилира, цара билгалвоккху пхиъ уггаре дика шеран футболист[6].

2010 шарахь совгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА шеран ловзархо» а цхьаьнатуьйхира «ФИФА Дешин буьрка» цӀе а туьллуш. Дуьххьара оцу совгӀатан да хилира Месси Лионель[7]. 2016 шеран сентябрехь ФИФАс сацийра накъосталла France Football журналца «Дешин буьрканца» йолчу агӀора. Оцу хенахь дуьйна совгӀатах йуха а «Дешин буьрка» олу, иза France Football журнало ло[8]. ТӀаьххьара совгӀат даьккхинарг ву Месси Лионель[9].

«Дешин буьрка» совгӀат уггаре дукха, кхузза, делира веа футболистан: Кройф Йоханан, Платини Мишелан, ван Бастен Маркон, Криштиану Роналдун (Платини бен вац и совгӀат кхаа шарахь тӀекӀел, 1983 – 1985 шерашкахь, и совгӀат даьккхинарг[1]). СовгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА Дешин буьрка» а уггаре дукха даьккхинарг, ялхазза, Месси Лионель[10] ву. Цул сов, Мессин бен ца дела и совгӀат деазза тӀекӀела, 2009 – 2012 шерашкахь.

1997 шарахь «Дешин буьрка» йаьккхира Роналдос, иза дуьххьарлера бразилихо хилира и совгӀат даьккхина[5]. Уггаре дукха совгӀат даьккхина немцойн футболисташа: Германера пхеа ловзархочо йаьккхина ворхӀ «Дешин буьрка». Кевнахойх Яшин Лев бен вац и совгӀат даьккхинарг; иза хилира 1963 шарахь.

2020 шарахь исторехь дуьххьара «Дешин буьрка» ца елира цхьанне а, хӀунда аьлча пандеми COVID-19 бахьнехь совцийнера берриг баккхий дуьненайукъара къийсамаш, царна йукъахь ЕВРО-2020, ткъа цхьа могӀа къаьмнийн хьалхеяккхарш совцийнера я чекхйаьккхинера хеназа[11].

Толамхойн исписка

Месси Лионель — тӀаьххьара «Дешин буьрка» йаьккхинарг.
Шо Мохк Ловзархо Клуб Билгалдахарш Позици
Дешин буьрка France Football (1956—2009)
1956  Ингалс Мэтьюз, Стэнли !Мэтьюз Стэнли Блэкпул !Ингалсан байракх Блэкпул Форвард
1957  Испани Ди Стефано, Альфредо !Ди Стефано Альфредо Реал Мадрид !Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид [1957] ТӀелатархо
1958  Франци Копа, Раймон !Копа Раймон Реал Мадрид !Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид ТӀелатархо
1959  Испани Ди Стефано, Альфредо !Ди Стефано Альфредо Реал Мадрид !Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид ТӀелатархо
1960  Испани Суарес Мирамонтес, Луис !Суарес Луис Барселона !Байракх Испанин (1945—1977) Барселона Ахтурсло
1961  Итали Сивори, Омар !Сивори Омар Ювентус !Италин байракх Ювентус [1961] ТӀелатархо
1962  Чехословаки Масопуст, Йозеф !Масопуст Йозеф Дукла Прага !Чехословакин байракх Дукла (Прага) Ахтурсло
1963  ССРС Яшин, Лев Иванович !Яшин Лев Динамо Москох !Байракх ССРС Динамо (Москох) Кевнахо
1964  Шотланди Лоу, Денис !Лоу Денис Манчестер Юнайтед !Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед ТӀелатархо
1965  Португали Эйсебио !Эйсебио Бенфика !Португалин байракх Бенфика (Лиссабон) ТӀелатархо
1966  Ингалс Чарльтон, Бобби !Чарльтон Бобби Манчестер Юнайтед !Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед Ахтурсло,

ТӀелатархо

1967  Мажаройчоь Альберт, Флориан !Альберт Флориан Ференцварош !Мажаройчоьнан байракх Ференцварош ТӀелатархо
1968  Къилбаседа Ирланди Бест, Джордж !Бест Джордж Манчестер Юнайтед !Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед Ахтурсло
1969  Итали Ривера, Джанни !Ривера Джанни Милан !Италин байракх Милан Ахтурсло
1970  ФРГ Мюллер, Герд !Мюллер Герд Бавария Мюнхен !Германин байракх Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1971  Нидерландаш Кройф, Йохан !Кройф Йохан Аякс !Нидерландин байракх Аякс ТӀелатархо
1972  ФРГ Беккенбауэр, Франц !Беккенбауэр Франц Бавария Мюнхен !Германин байракх Бавария (Мюнхен) Турсло
1973  Нидерландаш Кройф, Йохан !Кройф Йохан Барселона !Байракх Испанин (1945—1977) Барселона [1973] ТӀелатархо
1974  Нидерландаш Кройф, Йохан !Кройф Йохан Барселона !Байракх Испанин (1945—1977) Барселона ТӀелатархо
1975  ССРС Блохин, Олег Владимирович !Блохин Олег Динамо Киев !Байракх ССРС Динамо (Киев) ТӀелатархо
1976  ФРГ Беккенбауэр, Франц !Беккенбауэр Франц Бавария Мюнхен !Германин байракх Бавария (Мюнхен) Турсло
1977  Дани Симонсен, Аллан !Симонсен Аллан Боруссия Мёнхенгладбах !Германин байракх Боруссия (Мёнхенгладбах) ТӀелатархо
1978  Ингалс Киган, Кевин !Киган Кевин Гамбург !Германин байракх Гамбург ТӀелатархо
1979  Ингалс Киган, Кевин !Киган Кевин Гамбург !Германин байракх Гамбург ТӀелатархо
1980  ФРГ Румменигге, Карл-Хайнц !Румменигге Карл-Хайнц Бавария Мюнхен !Германин байракх Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1981  ФРГ Румменигге, Карл-Хайнц !Румменигге Карл-Хайнц Бавария Мюнхен !Германин байракх Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1982  Итали Росси, Паоло !Росси Паоло Ювентус !Италин байракх Ювентус ТӀелатархо
1983  Франци Платини, Мишель !Платини Мишель Ювентус !Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1984  Франци Платини, Мишель !Платини Мишель Ювентус !Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1985  Франци Платини, Мишель !Платини Мишель Ювентус !Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1986  ССРС Беланов, Игорь Иванович !Беланов Игорь Динамо Киев !Байракх ССРС Динамо (Киев) ТӀелатархо
1987  Нидерландаш Гуллит, Рууд !Гуллит Рууд Милан !Италин байракх Милан [1987] Ахтурсло
1988  Нидерландаш Ван Бастен, Марко !Ван Бастен Марко Милан !Италин байракх Милан ТӀелатархо
1989  Нидерландаш Ван Бастен, Марко !Ван Бастен Марко Милан !Италин байракх Милан ТӀелатархо
1990  Германи Маттеус, Лотар !Маттеус Лотар Интернационале !Италин байракх Интернационале Турсло,

ахтурсло

1991  Франци Папен, Жан-Пьер !Папен Жан-Пьер Олимпик Марсель !Францин байракх Олимпик Марсель ТӀелатархо
1992  Нидерландаш Ван Бастен, Марко !Ван Бастен Марко Милан !Италин байракх Милан ТӀелатархо
1993  Итали Баджо, Роберто !Баджо Роберто Ювентус !Италин байракх Ювентус Форвард
1994  Болгари Стоичков, Христо !Стоичков Христо Барселона !Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
1995  Либери Веа, Джордж !Веа Джордж Милан !Италин байракх Милан [1995] ТӀелатархо
1996  Германи Заммер, Маттиас !Заммер Маттиас Боруссия Дортмунд !Германин байракх Боруссия (Дортмунд) Турсло,

Ахтурсло

1997  Бразили Роналдо !Роналдо Интернационале !Италин байракх Интернационале [1997] ТӀелатархо
1998  Франци Зидан, Зийнаддин !Зийнаддин Зидан Ювентус !Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1999  Бразили Ривалдо !Ривалдо Барселона !Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
2000  Португали Фигу, Луиш !Фигу Луиш Реал Мадрид !Испанин байракх Реал Мадрид [2000] ТӀелета

ахтурсло

2001  Ингалс Оуэн, Майкл !Оуэн Майкл Ливерпуль !Ингалсан байракх Ливерпуль ТӀелатархо
2002  Бразили Роналдо !Роналдо Реал Мадрид !Испанин байракх Реал Мадрид [2002] ТӀелатархо
2003  Чехи Недвед, Павел !Недвед Павел Ювентус !Италин байракх Ювентус Ахтурсло
2004  Украина Шевченко, Андрей Николаевич !Шевченко Андрей Милан !Италин байракх Милан ТӀелатархо
2005  Бразили Роналдиньо !Роналдиньо Барселона !Испанин байракх Барселона Ахтурсло,

ТӀелатархо

2006  Итали Каннаваро, Фабио !Каннаваро Фабио Реал Мадрид !Испанин байракх Реал Мадрид Турсло
2007  Бразили Кака !Кака Милан !Италин байракх Милан ТӀелета

ахтурсло

2008  Португали Криштиану Роналду !Криштиану Роналду Манчестер Юнайтед !Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед ТӀелатархо
2009  Аргентина Лионель Месси !Месси Лионель Барселона !Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
2010—2015 шерашка хьажа Дешин буьрка ФИФА
Дешин буьрка France Football (2016 шарахь дуьйна)
2016  Португали Криштиану Роналду !Криштиану Роналду Реал Мадрид !Испанин байракх Реал Мадрид ТӀелатархо
2017  Португали Криштиану Роналду !Криштиану Роналду Реал Мадрид !Испанин байракх Реал Мадрид ТӀелатархо
2018  Хорвати Модрич, Лука !Модрич Лука Реал Мадрид !Испанин байракх Реал Мадрид Ахтурсло
2019  Аргентина Лионель Месси !Месси Лионель Барселона !Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
2020 ДӀадаьккхина пандеми COVID-19 бахьнехь[12]

Таблицин комментареш

1957.   Ди Стефано Альфредо Аргентинехь винехь а, 1956 шарахь цунна испанин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Испанин гулйина командехь.[13]

1961.   Омар Сивори Аргентинехь винехь а, 1961 шарахь цунна италин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Италин къоман гулйина командехь.[14]

1973.   Кройф Йохан «Аяксера» дехьавелира «Барселоне» 1973 шеран юккъехь.[15]

1987.   Гуллит Рууд ПСВ йукъара дехьавелира «Милан» йукъа 1987 шеран юккъехь.[16]

1995.   Веа Джордж «Пари Сен-Жермен» йукъара дехьаваьлла «Милан» йукъа 1995 шеран юккъехь.[17]

1997.   Роналдо «Барселонера» дехьаваьлла «Интернационале» 1997 шеран юккъехь.[18]

2000.   Фигу Луиш «Барселонера» дехьаваьлла «Реал Мадрид» йукъа 2000 шеран юккъехь.[19]

2002.   Роналдо «Интернационалера» «Реал Мадрид» йукъа дехьаваьлла 2002 шеран юккъехь.[20]

Билгалдахарш

  1. 1 2 Ronaldo joins legendary list. BBC Sport. 01.12.2008.
  2. https://www.cambridge.org/core/journals/perspectives-on-politics/article/abs/messi-ronaldo-and-the-politics-of-celebrity-elections-voting-for-the-best-soccer-player-in-the-world/36CB5CB44D4C06866305408163A49290
  3. https://www.sportbible.com/football/ballon-dor-votes-lionel-messi-cristiano-ronaldo-665271-20230302?source=facebook&fbclid=IwAR3LI1jGmPSn6t7ceIM-ql4o5eV5meCTB5dcbvPMeTArHAGJnDHlIuzPR_Y
  4. Matthews wins first Golden Ball. BBC Sport. 01.12.2008.
  5. 1 2 The 1990s Ballon d’Or winners. BBC Sport. 01.12.2008.
  6. Kaka wins 2007 award. BBC Sport. 1.12.2008.
  7. The FIFA Ballon d’Or is born (бил-боцу.). FIFA (2010 шеран 5 июль). Архивйина 2010 шеран 12 декабрехь
  8. Voici les nouvelles règles et les nouveaux aménagements du Ballon d’Or France Football : [фр.] // France Football : журнал. — 2018. — 19 septembre.
  9. The FIFA Ballon d’Or is born (бил-боцу.). FIFA (2010 шеран 5 июль). Архивйина 2010 шеран 12 декабрехь
  10. Иван Соколов. У Лионеля Месси стало шесть «Золотых мячей»  (оьрс.). www.championat.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 3 декабрь.
  11. Футбол. "Дешин буьрка" не будут вручать впервые в истории  (оьрс.). www.sport.ru (2020 шеран 20 июль). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 21 июль.
  12. Il n'y aura pas de Ballon d'Or France Football en 2020 (бил-боцу.). France Football (20 июля 2020). ТӀекхочу дата: 20 июля 2020.
  13. Europe dazzled by Di Stéfano. UEFA.com. 22.11.2004. Архивйина 2008-12-11 — Wayback Machine
  14. Juve legend Sivori dies. UEFA.com. 18.02.2005. Архивйина 2007-01-04 — Wayback Machine
  15. Johan Cruyff. Laureus World Sports Awards. Архивйина 2007-12-13 — Wayback Machine
  16. Sexy football to sexy golf, Gullit shows his class. The Scotsman. 04.10.2008. (бил-боцу.) ТӀекхочу дата: 2009 шеран 11 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 11 январехь
  17. Nick Harris. George Weah: favourite to win biggest battle — leading his country off the field. The Independent. 07.12.2004. Архивйина 2011-09-11 — Wayback Machine
  18. Fast facts on Ronaldo. Sports Illustrated. 31.08.2002. Архивйина 2012-10-25 — Wayback Machine
  19. Elizabeth Nash. Figo defects to Real Madrid for record £37.2m. The Independent. 25.07.2000.
  20. Real ropes Ronaldo. Sports Illustrated. 31.08.2002. Архивйина 2008-12-05 — Wayback Machine

Хьажоргаш

  • European Footballer of the Year («Ballon d’Or»). Rec.Sport.Soccer Statistics Foundation
  • Официальная страница награды на сайте France Football(Франц.)
  • Все лауреаты «Золотого мяча» за все годы(оьр.)

Кеп:«Дешин буьрка» йаьккхинарш

⛭
Шеран футболист Европехь
Дуьненаюкъара
France Football
ФИФА
УЕФА
Къаьмнийн
Австри
Азербайджан
Албани
Андорра
Белорусси
Бельги
Болгари
Босни а, Герцеговина а
Германи*
Гуьржийчоь
Дани
Желтойчоь
Израиль
Ингалс
ПФА
ФЖА
Исланди
Итали
ИФА
ГС
Ирланди
Испани
Кипр
Кхазакхстан
Къилбаседа Ирланди
Къилбаседа Македони
Латви
Литва
Лихтенштейн
Люксембург
Мажарчоь
Малта
Молдави
Нидерландаш
Норвеги
Польша
PN
«Sport»
Португали
Росси
«Футбол»
«СЭ»
Румыни
Сан-Марино
Серби
Словаки
Словени
Туркойчоь
Украина
Уэльс
Фарерийн гӀайренаш
Финлянди
Франци
FF
НСПФ
Хорвати
Черногори
Чехи
ЧФА
КСЖ
Швейцари
Швеци
Шотланди
ШПФА
ШФЖА
Эрмалойчоь
Эстони
ДӀадаьхна совгӀаташ
ФИФА — Шеран ловзархо
ФИФА — Дешин буьрка
ССРС
Чехословаки
Югослави
  • *ГДРца